День чеченского языка
25.04.2023Мероприяти д1аехьира нохчийн метта хьехархочо Юсупова Мошас
НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕННА ЛЕРИНА БИНЧУ БЕЛХАН ЖАМ1.
Вайн къоман дахарехь даздеш долчу денойх уггар деза дерг а, вайн къоман уггар сийлахьчу денойх дерг а, соьга хаьттича, Нохчийн меттан де ду. Иза даздо вай х1ора шарахь 25-чу апрелехь. Стеган къам къастош берг буьйцуш болу мотт бу. Мотт - вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а ца хилча йиш йоцу г1ирс бу. Нохчийн мотт- вайн къоман а, х1ора нохчичун а дахаран хазна ю.
25-чу апрелехь Итон-Кхаьл къоштан Кхокадарчу ишколехь д1аяхьира нохчийн маттан лерина «Нохчийн мотт- сан дозалла!» аьлла мероприятии. Оцу мероприятехь дакъалоцуш бара 4-9чун классашкара дешархой. Дешархоша ч1ог1а лерина кечам бира цу мероприятина. мероприяти
Шейхи Арсанукаеви Байт : «Нохчийн мотт». Цуруев Шарипан Ненан маттах лаьцна аьлла дешнаш дишира :
Д1айишира Астимирова Софияс
Йиш: « Г1арг1улеш». Астимирова Хьавас. Байт: «Со вина Кавказан ломахь» Дадаев Мохьмад-Салахьа
Шен даймахке бакъболу безам хила тарлуш дац, шен ненан матте безам цуьнан бацахь. Шен къоман матте бен доцуш хьоьжуш верг - акха ву. Иза дахарехь зуламе ву, х1унда аьлча, шен ненан матте бен дацаро гучудоккху шен къоман д1адахнарг а, х1инца долушдерг а, кхана хиндерг а, цунна бен-башха цахетар?
Цу т1ехь чекхйелира тхан 25 – чу апрелехь Нохчийн меттан де даздеш кечйина мероприяти.. Ч1ог1а самукъане д1аяьхьира нохчийн маттана лерина йолу хан.
Дала ненан мотт беза, цуьнан сий дан, иза к1орггера бовза а ницкъ лойла.